БIе шо сов зама ю Нохчий Урдун-пачхьалкхехь беха. Оцу шерашкахь цкъа а ца битина цара шайн даймахке болу сатийсам, цкъа а ца дицделла царна шайн схьадовлар стенгара ду. Оццул хан яьллашшехь, Нохчийн мотт а, гIиллакх-гIуллакх а Iалашдан гIерта уьш. ХIара сурташ даийтина Маршо Радионан корреспондента Бакир Iабдул-Хьамида.
Урдун-мехкан Нохчийн васташ

1
Нохчийн духар гойтуш ду Сако юкъаралло. 2013

2
ХIара хи бахьанехь баха хевшинера кхузахь шайн махкара бевлла болу Нохчий. Иштта кхоллаелла Азракъ-юрт.

3
Иштта яра Азракъ хьалха.

4
Нохчаша гомаш лелайора цхьана хенахь. Азракъ.